Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
«Исраилан халкъе, дІахьедар а деш, дІаала: „Аса шуна лун долчу а, шаьш цигахь Іийр долчу а лаьтта тІе шу дахача, аша цІера тІехь доху дийнаташ дагоран я бертан сагІанаш даха тарло. Аша Везачу Элана сту я ка барца сагІа даккха тарло, шаьш йина чІагІо кхочушхилийтархьама а, я шайн деган лаам кхочушбархьама а, я шайн деза денош даздархьама а. Иза мухха делахь а, даьккхинчу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Амма ша сагІина лерина хІума яхьачу хенахь, стага Везачу Элана лерина кІен сагІа а дан деза: хІинан доьалгІа дакъа зайтдаьттанах эдина долу бархІ кад тоьлла кІен дама. Дийнаташ дагоран я бертан сагІа доккхучу хенахь хІора Іахарца цхьаьна хІинан бараман доьалгІа дакъа чагІар кечде, чагІаран сагІина лерина. Ткъа шаьш сагІина лерина ка балочу хенахь, кІен сагІина ялхитта кад кІен дама а, цунах эдай, хІинан кхоалгІа дакъа долу зайтдаьтта а да, иштта хІинан кхоалгІа дакъа долу чагІаран сагІа а да. Оцу сагІанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Нагахь дийнаташ дагоран сагІина я бертан сагІина, я Везачу Элана хьалха йинчу чІагІонан сагІина лерина къона старгІа ялош елахь, оцу старгІица цхьаьна кІен сагІа а дан деза: ткъе биъ кад кІен дама а, цунах эдина хІинан шолгІа дакъа зайтдаьтта а. Иштта хІинан ахдакъа чагІар а дан деза чагІаран сагІина. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. Иза делаш хІоразза а шаьш Везачу Элана лерина сагІина сту а, ка а, Іахар я буьхьиг ялочу хенахь. Иштта сагІанаш тІетоха деза аша хІора дийнатна, церан терахье хьаьжжина. Иштта гІуллакх дан деза Исраилан халкъах волчу хІораммо а, ша, Везачу Элана там а беш, цІера тІехь доккху сагІа доккхучу хенахь. Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. Цигахь даха шайн дийнаташ дагоран сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а, шайна са йоккхучух луш долу уьтталгІа дакъа а, шайн совгІаташ а, шаьш йинчу чІагІонца а, шайн лаамца а луш долу сагІанаш а, шайн бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, иштта уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а даладе цу метте. Цигахь шайн Везачу Далла хьалха яа а яа, иштта шу а, шун доьзалш а шайн куьйгашца шаьш дина долчу массо а хІуманах а, шайн Везачу Дала шу декъалдарх а самукъадолуш а хила. Аша цигахь, оха кхузахь хІинца ма-дарра, дан ца деза и дерриге а. ХІинццалц шух хІораммо а шена-шена нийса хетачу кепара сагІанаш дохура. Шу цкъа хІинца а паргІато йолчу а, шун Везачу Дала шайна кхочуьйтучу лаьтта тІе ма ца девлла. Ткъа Йордан-хина дехьа а девлла, шун Везачу Дала шайн дола доккхуш долчу декъа тІехь шу даха хевшича, шуна го бинчу массо а мостагІех Цо, шу паргІат а даьхна, шуна синтем бича, шу кхерам боцуш дехар ду. ТІаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Іайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагІанаш а, шайн кхидолу сагІанаш а, шайна йолучу санан уьтталгІа дакъош а, шайн совгІаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваІда а деш, шаьш йинчу чІагІонца къастийна мел дерг а.
Выбор основного перевода