Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхойн тІаьхьенах берш: Цихьин а, Хьашупин а, ТабуІатин а, ХІорш ю Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу хенахь соьца, Іезарца, Бавел-махкара арабевллачеран тайпанийн тхьамданийн а, цаьрца цхьаьна тептарш тІехь аса дІаязбинчеран а цІераш: Пайнехьасан тІаьхьенах – ГІиршан; Итамаран тІаьхьенах – Даниал; Даудан тІаьхьенах – Хьатуш; Шихан-ЯхІун тІаьхьенах берш; ПарІушан тІаьхьенах – Закри-ЯхІу а, цуьнца цхьаьна цхьа бІе шовзткъе итт дІаязвина боьрша стаг а; Пахьат-Муабин тІаьхьенах – Зарахь-ЯхІун кІант Эли-ЯхІу-Іейни а, цуьнца ши бІе боьрша стаг а; Затун тІаьхьенах – Яхьазиалан кІант Шихан-ЯхІу а вара, цуьнца кхо бІе боьрша стаг а; Іадин тІаьхьенах – ЯхІунатин кІант Іабайд а, цуьнца шовзткъе итт стаг божарий а; Іейламан тІаьхьенах – Іатал-ЯхІун кІант ЯшаІ-ЯхІу а, цуьнца кхузткъе итт боьрша стаг а; Шапат-ЯхІун тІаьхьенах – Микаалан кІант Забди-ЯхІу а, цуьнца везткъа боьрша стаг а; Йоабан тІаьхьенах – Яхьиалан кІант Іабди-ЯхІу а, цуьнца ши бІе берхІитта боьрша стаг а; Банин тІаьхьенах – Юсуп-ЯхІун кІант Шалумати а, цуьнца бІе кхузткъа боьрша стаг а; Бебайн тІаьхьенах – Бебайн кІант Закри-ЯхІу а, цуьнца ткъе бархІ боьрша стаг а; ІазгІадин тІаьхьенах – ХІакхитанан кІант Йохьан а, цуьнца бІе итт боьрша стаг а; Адуникхаман тІаьхьенах тІаьхьарнаш: Эли-Пулат, ЯІиал, ШамІа-ЯхІу, иштта цаьрца кхузткъа боьрша стаг а; БигІвайн тІаьхьенах – Іутай а, Закхур а, цаьрца кхузткъе итт боьрша стаг а. Аса АхІава-гІала доьдуш долчу хи йисте схьагулбира уьш. Цу меттехь тхо кхаа дийнахь лаьттира. Нахе хьаьжча, суна хиира царна юкъахь динан дай буйла, амма левихой бацара. ТІаккха аса куьйгалхой болчу ЭлиІазаре а, Ариале а, ШамІа-ЯхІуга а, Эли-Натига а, Ярбига а, Эли-Натига а, Натига а, Закри-ЯхІуга а, Машулиме а схьакхайкха бахийтира, иштта Іелам нах болчу ЯхІу-Ярбига а, Эли-Натига а схьакхайкхира. Аса и нах Касипай-гІалин куьйгалхо волчу Іидуна тІе бахийтира, цара Іидуга а, цуьнан гергарчу нахе а дІаала дезарг дІа а хьехна. Цуьнан гергара нах Делан цІийнан кертахь гІуллакх дийраш бу. Аса и нах Іиду волчу бахийтира, цаьрга тхо долчу нах балабайта, вайн Делан цІа долчохь гІуллакх дайтархьама. Вайн Дела Шен диканца тхоьца хилар бахьана долуш, Іидун гергарчу наха тхо долчу воккха хьекъалча волу Шараб-ЯхІу ваийтира. Иза Левин кІант волчу Махьлин тІаьхьенах вара. Ткъа Леви Исраилан кІентех цхьаъ вара. Цара тхо долчу Шараб-ЯхІу а, цуьнан кІентІий а, цуьнан вежарий а бахкийтира. Иштта цу доьзалера берхІитта стаг веара тхо долчу. Цара иштта Мерарин тІаьхьенах волу Хьашби-ЯхІу а, ЯшаІ-ЯхІу а ваийтира. Цара шайн вежарий а, вежарийн бераш а дахкийтира. Цу доьзалера верриг а ткъа стаг веара. Цара иштта ши бІе ткъа Делан цІийнан кертахь гІуллакх дийриг а ваийтира. Церан дай Дауда а, цуьнан тІеман хьаькамаша а левихошна гІо дан хаьржина хилла. Церан цІераш массеран а цІерашна юкъахь дІаязйина хилла.
Выбор основного перевода