Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
ЭлиІазаран хилира кІант Пайнехьас. АбишуІ Пайнехьасан кІант вара. АбишуІан кІант вара Букхай. Букхайн кІант вара Іузи. Іузин кІант вара Зарахь-ЯхІу. Зарахь-ЯхІун кІант вара Маръюти. Маръютин вара кІант Амар-ЯхІу. Амар-ЯхІун кІант вара Ахьтуби. Ахьтубин кІант вара ЦІадукъа. ЦІадукъин кІант вара АхьимаІац. АхьимаІацан кІант вара Іазар-ЯхІу, ткъа Іазар-ЯхІун кІант вара Йохьан. Йохьанан кІант вара Іазар-ЯхІу. Иза вара Ярушалаймехь Сулим-паччахьо дІахІоттийначу Делан цІа чохь динан да. Іазар-ЯхІун кІант вара Амар-ЯхІу, ткъа Амар-ЯхІун кІант вара Ахьтуби. Ахьтубин кІант вара ЦІадукъа, ткъа ЦІадукъин кІант вара Шалум. Шалуман кІант вара Хьалкхи-ЯхІу, ткъа Хьалкхи-ЯхІун кІант вара Іазар-ЯхІу. Іазар-ЯхІун кІант вара Сари-ЯхІу, ткъа Сари-ЯхІун кІант вара ЯхІу-ЦІадакъа. «Паччахьийн а паччахь волчу Артахь-Шаштера динан да волчу Іезаре, Делан кхоччуш болчу товрат-хьехамаш тІехь Іелам стаг а волчу, иштта кхидІа а. Аса, паччахь волчу Артахь-Шаштас, сан Эпрат-хил дехьа йолу хазна ларъеш мел болчарна тІедуьллу: шайга динан да а волчу, стигаларчу Делан товрат-хьехамаш нахана хьоьхуш а волчу Іезара дІадеххнарг, мало а ца еш, дІало. цо соьга хаьттира: «Хьан юьхь кхоьлина хІунда ю? Могуш воцуш-м вац хьо? Суна гуш ма ду хьан дог гІайгІане хилар». Со чІогІа кхеравелира.
Выбор основного перевода