Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
ТІаккха доьзалийн тхьамданаша а, Исраилан халкъан тайпанийн баьччанаша а, тІеман коьртачу хьаькамаша а, тІеман хьаькамаша а, паччахьна белхаш беш болчийн хьаькамаша а шайн даггара сагІа деара. Массо а тайпана сагІина хІума еанчу оцу наха шайн даггара а, боккхачу лаамца а Везачу Элана сагІа дарна, хазахеттера халкъана. Иштта чІогІа хазахетта вара Дауд-паччахь а. Дийна бисина болу исраилхой болчу меттигашкарчу бахархоша гІо дан деза цу нахана. Царна дети а, деши а, бахам а, кира лело даьхни а, шайн лаамца делла совгІаташ а ло, Ярушалаймехь долчу Делан цІенна лерина долу». Массо а лулахоша шайн лаамца гІо дора царна совгІаташца. Цара детин пхьегІашца а, дешица а, бахамца а, кира лелочу даьхница а, шайн лаамехь деллачу совгІаташца а гІо дора царна. Царна хьалха ас уьйзира Артахь-Шашта-паччахьо а, цуьнан хьехамчаша а, элаша а, массо а цигарчу исраилхоша а Делан цІенна дІаделла долу деши а, дети а, пхьегІаш а.
Выбор основного перевода