Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Амма халкъана юкъара хьуьнаре а, Делах кхоьруш а, нийсо лелор йолуш а, хьарамло ца езаш а болу нах харжа. Уьш эзарна а, бІенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тІехь куьйгалхой хІиттабе. Уьш нахана тІехь массо а ханна кхелахой хилийта. Нагахь чолхе гІуллакх хилахь, иза хьайна тІедаийта, ткъа кегий гІуллакхаш шайга къастадайта. ТІаккха хьуна а атта хир ду, ахь къастийначу наха а хьоьца и хало йоькъур ю. «Шун Везачу Дала шайна лур йолчу массо а гІаланашкахь шайн-шайн тайпанийн латтанашкахь кхелахой а, тІехьовсурш а дІахІиттабе. Иза де цаьрга халкъана тІехь нийса кхел яйтархьама. Иза иштта хилира, хІунда аьлча цо шен дог Везачу Элан товрат-хьехамаш Іаморна а, уьш кхочушбарна а, иштта Исраилан халкъана цуьнан парзаш а, тІедехкинарш а хьехарна а тІедерзийнера. ХьалагІатта, Іезар, хІунда аьлча хІара хьан гІуллакх ду, оха хьоьгахьа гІо а доккхур ду. Доьналла долуш а хилий, и гІуллакх чекхдаккха!» Іезар хьалагІаьттира. Цо динан дайн хьаькамашка а, левихошка а, дерриг а Исраилан халкъе а чІагІо яйтира, цара Шихан-ЯхІус аьлларг дийр ду аьлла. Цара и чІагІо йира.
Выбор основного перевода