Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Іезар а, цуьнан накъостий а Бавел-гІалара арабевллера шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь, ткъа уьш Ярушалайм-гІала схьабаьхкинера пхоьалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь, хІунда аьлча Шен диканца Дела цуьнца вара. Динан да а, Іелам стаг а волуш, Исраилан халкъана Везачу Эло тІедехкинарш а, Цуьнан парзаш а дикка хууш волчу Іезаре паччахьо кехат яздина хилла. ХІара бу цу кехатан чулацам: «Паччахьийн а паччахь волчу Артахь-Шаштера динан да волчу Іезаре, Делан кхоччуш болчу товрат-хьехамаш тІехь Іелам стаг а волчу, иштта кхидІа а. Везачу Дала соьгахьа болу Шен хедар боцу безам паччахьна а, цуьнан хьехамчашна а, массо а сийлахьчу элашна а хьалха схьагайтина. Везачу Эло суна гІо дарна, со иракара а хІоьттина, ткъа исраилхойн куьйгалхойх дукхахберш сайца Ярушалайме бига схьагулбина». Вайн Дела Шен диканца тхоьца хилар бахьана долуш, Іидун гергарчу наха тхо долчу воккха хьекъалча волу Шараб-ЯхІу ваийтира. Иза Левин кІант волчу Махьлин тІаьхьенах вара. Ткъа Леви Исраилан кІентех цхьаъ вара. Цара тхо долчу Шараб-ЯхІу а, цуьнан кІентІий а, цуьнан вежарий а бахкийтира. Иштта цу доьзалера берхІитта стаг веара тхо долчу. Тхан некъаш тІехь мостагІий хила мегара, делахь а суна чІогІа эхь хетара Артахь-Шашта-паччахье тхо новкъахь лардайта эскар а, дошлой а беха, хІунда аьлча оха паччахье аьллера: «Тхан Дала хІора Иза лоьхучунна диканиг до. Амма Цуьнан нуьцкъалалла а, оьгІазло а Цунна букъ берзийначунна дуьхьал ер ю». Шеран хьалхарчу беттан шийтталгІачу дийнахь АхІава-хи долчуьра Ярушалайме даха арадевлира тхо. Некъ чекхбаллалц Дела тхоьца вара, тхо мостагІех а, талорхойх а лар а деш. Суна иштта паччахьан хьун карахь йолуш волчу Асайпе яздина долу кехат а оьшу, цуьнга суна Делан цІа долчохь йолчу гІопан кевнаш а, гІалин пен а, со чохь Іийр волу цІа а дан ханнаш далийта». Сан Дела Шен диканца соьца хилар бахьана долуш, паччахьо аса мел аьлла долу хІума суна делира. Шеран ворхІалгІа бутт тІекхачале, дерриг а Исраилан халкъ шайн гІаланашкахь охьахевшича, массо а исраилхой Хин кевнна хьалха йолчу майдане схьагулбелира. Цара Іелам стаг волчу Іезаре дехар дира, Везачу Эло Муса-пайхамарехула Исраилан халкъана тІебиллина болу товрат-хьехамаш тІехь болу тептар схьада аьлла. Уьш берриш а гІуллакх деш бара ЮцІдукъан кІентан ЮшаІан кІант ЯхІу-Якхам куьйгаллехь волчу хенахь а, мехкан да Нахьми-ЯхІу а, динан да Іелам стаг Іезар а волчу хенахь а.
Выбор основного перевода