Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Ткъа ахь, Іезар, хьан Дала хьуна деллачу хьекъалца куьйгалхой а, кхелахой а дІахІиттабе. Уьш Эпрат-хил дехьа малхбузехьа болчу а, хьан Дала беллачу товрат-хьехамашца бехаш болчу а нахана тІехь куьйгалла деш хир бу. Ткъа и товрат-хьехамаш ца хууш болчарна Іамабе уьш. Шеран ворхІалгІа бутт тІекхачале, дерриг а Исраилан халкъ шайн гІаланашкахь охьахевшича, массо а исраилхой Хин кевнна хьалха йолчу майдане схьагулбелира. Цара Іелам стаг волчу Іезаре дехар дира, Везачу Эло Муса-пайхамарехула Исраилан халкъана тІебиллина болу товрат-хьехамаш тІехь болу тептар схьада аьлла. Іезара схьагулбеллачарна товрат-хьехамаш тІехь болу тептар схьадеара. Иза шеран ворхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь дара. Схьагулбеллачарна юкъахь зударий а, божарий а, шайга дуьйцург дІаэца кхетам болуш долу бераш а дара. Іуьйранна дуьйна де делкъе даллалц Іезар, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданна дуьхьал вирзина а лаьтташ, массо а божаршна а, зударшна а, иштта массо а ша дуьйцург кхеташ болчу нахана а товрат-хьехамаш тІехь болу тептар доьшуш вара. Дерриг а адам товрат-хьехамашка чІогІа леррина ладугІуш дара. Иза цу гІуллакхна лерина йина йолчу дечиган лакхенна тІе а ваьлла лаьтташ вара. Цунна аьтто агІор лаьтташ Матит-ЯхІу а, ШемаІ а, Іани-ЯхІу а, УръяхІу а, Хьалкхи-ЯхІу а, МаІсей-ЯхІу а вара, ткъа аьрру агІор лаьтташ Пади-ЯхІу а, Мишаал а, Малки-ЯхІу а, Хьашум а, Хьашба-Дана а, Закри-ЯхІу а, Машулим а вара. Іезара тептар схьадиллира. Халкъал лекха йолчу лакхенгахь лаьтташ хиларе терра, Іезар массарна а дика гуш вара. Цо тептар схьадоьллушехь, массо а адам хьалагІаьттира. Іезара декъал вира Воккха Дела волу Веза Эла. Дерриг а халкъо, шайн куьйгаш стигала хьала а дохуьйтуш: «Амин!» элира. Цул тІаьхьа, шайн яххьаш лаьтта кхаччалц охьа а таІийна, Везачу Элана Іибадат дора цара. Адамаш юха хьалагІевттича, левихоша царна товрат-хьехамаш туьдура. Цу левихошна юкъахь бара: ЮшаІ, Бани, Шараб-ЯхІу, Ямин, Іакхуби, Шабитай, ХІуди-ЯхІу, МаІсей-ЯхІу, Кхилати, Іазар-ЯхІу, Юзабди, Хьанан, Пали-ЯхІу. Цу левихоша, Делан товрат-хьехамаш тІехь болчу тептар тІера дешнаш билгал а дохуш, уьш тидархьама, царна гочдора, адамаш шайна дІадешначух кхоьтуьйтуш. qac Еqac*ллачу паргІатонца лелар ву со, хІунда аьлча ас Хьан омранаш лийхира. ХІунда аьлча динан ден багано Делах лаьцна хааделларг лардан деза, ткъа адамаша цуьнга шайна хьехамаш байта беза, динан да массо а ницкъийн Везачу Элан геланча волу дела. Товрат-хьехам тІера кІеззиг долу хІума а талха а дина, нахе а изза де бохуш верг Стигалийн Олаллехь лаххара мах болуш хир ву. Ткъа шена тІедиллина долу парз кхочуш а деш, иза нахе дІа а кховдош хилча, иза лакхара лорур ву. Цо элира: «Іеламчу нахана а, парушхошна а бакъо елла Мусан товрат-хьехамах нах кхето. Цу тайпана, цара дан деза бохург дерриг а кхочушде, амма уьш санна ма лела, хІунда аьлча цара дан деза олу, ткъа шаьш и гІуллакхаш дан а ца до.
Выбор основного перевода