Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Иштта яра шайн тайпанашца а, доьзалшца а йолу Левин тІаьхьенаш. И тІаьхьенаш шайн цІерашца хІокху йозанна тІехь дІаязйина ю. Ткъа шо я цул сов хан йолчу левихошна бен ца магадора Везачу Элан ЦІа чохь гІуллакхаш дан. Даудан тІаьххьара долчу омранашна тІе а доьгІна, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу массо а левихоша Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаІ, Нахьми-ЯхІу, Сари-ЯхІу, РаІал-ЯхІу, Мардахай, Билшан, Миспар, БигІвай, Рахьим, БаІна. ХІорш ю юхабаьхкинчу исраилхойн цІераш: Динан дай болчу шен гергарчаьрца цхьаьна динан ден ЮцІдукъан кІанта ЮшаІа а, шен гергарчаьрца цхьаьна Шалтаалан кІанта Зурбабела а Исраилан Далла сагІа доккху кхерч бира, цунна тІехь дийнаташ дагоран сагІанаш дахархьама. Цара и кхерч Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехамашна тІехь тІе-ма-диллара бина дІахІоттийра. Амма Зурбабела а, ЮшаІа а, тайпанийн хьалхарчу нахах кхиболчара а цаьрга элира: «ХІан-хІа, аша бийр бац тхоьца Делан цІа деш болх. Оха тхаьш дийр ду Исраилан халкъан Везачу Далла цІа, парсихойн паччахь волчу Къуреша тхайна тІе-ма-диллара».
Выбор основного перевода