Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Нагахь цхьаммо сагІа шен нигатца я даггара болчу лаамца доккхуш делахь, сагІин жижиг цу дийннахь даа деза, бухадиснарг шолгІачу дийнахь а даа мегар ду. Цаьрга иштта дІаала: „ЦІера тІехь аша Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагІа хІара ду: хІора денна бан беза дийнаташ дагоран сагІина лерина шо кхаьчна болу шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши боьрша Іахар. «ХІора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши старгІа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар. ХІора старгІица цхьаьна кІен сагІина лерина зайтдаьттанах эдина долу цхьа сахь тоьлла кІен дама а дан деза аша. Ткъа коьмаца дан деза кІен сагІина лерина зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кІен дама. Иштта хІора Іахарца дан деза кІен сагІина лерина долу зайтдаьттанах эдина бархІ кад тоьлла кІен дама. Иза цІера тІехь даьккхина долу дагоран сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. ЧагІаран сагІина лерина цхьана старгІица цхьаьна аххІин чагІар а, коьмаца цхьаьна хІинан кхоалгІа дакъа чагІар а, цхьана Іахарца цхьаьна хІинан доьалгІа дакъа чагІар а дан деза. Цу тайпана дийнаташ дагоран сагІа даккха деза шеран хІора бутт болалучу хенахь. Шаьш хІора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран а, чагІаран а сагІанел сов Везачу Элана лерина къинан сагІина лерина цхьа бож яло еза аша». Иштта, шайн динан дезачу деношкахь цу тайпана дийнаташ дагоран а, кІен а, чагІаран а, бертан а сагІанаш даха. Шаьш йина чІагІо кхочушхилийтархьама я шайн деган лаамца дохучу сагІанел совдахий даха и сагІанаш». Цигахь даха шайн дийнаташ дагоран сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а, шайна са йоккхучух луш долу уьтталгІа дакъа а, шайн совгІаташ а, шаьш йинчу чІагІонца а, шайн лаамца а луш долу сагІанаш а, шайн бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, иштта уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а даладе цу метте.
Выбор основного перевода