Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Делан тІорказ дІахІоттийначу хенахь дуьйна, Везачу Элан цІийнан кертахь Дауда илланчашна тІехь хьаькамаш хІиттийнера. ТІаккха цхьаболу левихой Везачу Элан тІорказна хьалха гІуллакх дан дІахІиттийра цо, цаьрга Исраилан халкъан Везачу Далла доІанаш дайтархьама а, баркалла алийтархьама а, хастам байтархьама а. Царах коьртаниг Асайп вара, шолгІаниг вара Закри-ЯхІу, цул тІаьхьа бара ЯІиал, Шамирамути, Яхьиал, Маттит-ЯхІу, Элиаб, БенъяхІу, Іабади-Эдом, ЯІиал. Уьш мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а карахь долуш дІахІиттийра. Асайп дІахІоттийнера цІастанан жима негІарш вовшехдетта. Динан дай болу БенъяхІу а, Яхьазиал а дІахІиттийнера Делаца бинчу бертан тІорказна хьалха, цаьрга массо а хенахь турба лакхийтархьама. Дагахь латтаде Цо дина тамашийна гІуллакхаш а, Цо гайтина билгалонаш а, Цо йина кхелаш а, Дауд-паччахьо юкъабаьккхина хилла гІирс карахь болу левихой а, локху турбанаш карахь йолу динан дай а дІахІиттийча, ТІаккха Шалтаалан кІант волу Зурбабел а, ЮцІдукъан кІант волу ЮшаІ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цІен тІехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара.
Выбор основного перевода