Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Ткъа ахьа омра дехьа, Ливанун-махкара баганан дитташ суна хедадайта. Сан ялхоша хьан ялхошца цхьаьна болх бийр бу. Ткъа аса ахьа хІоттор боллу мах дІалур бу хьан ялхоша бийр болчу балхах, хІунда аьлча тхан бац шун цІаданхой санна болу дика дечиг-пхьераш». Сан ялхоша, Ливанун-махкара дІа а даьхьна, хІордана тІе дахьар ду уьш, цигара дІа ас бурамашца кхачадойтур ду уьш кхачо деззачу меттиге, цигахь тІекІел а дохкуш. ТІаккха аша уьш цигара схьаоьцур ду. Амма ахьа а кхочушбе сан лаам, сан цІенна оьшуш болу кхача боуьйтуш». Аса хьан хьун хьокхучарна кхача латтор бу: бІе эзар гали кІа а, бІе эзар гали мукх а, ткъа эзар черма чагІар а, ткъа эзар черма зайтдаьтта а». Сан ялхоша, хьуна оьшшучул Ливанун-хьун а хьаькхна, и дечиг хІордахула, машшашца цхьаьна а дихкина, Яппи-гІала дІакхачор ду, ткъа ахьа иза Ярушалайме дІахьур ду». «Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тІедиллина суна, ЯхІуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цІа де аьлла. Веза Эла – Исраилан Дела ву, Ярушалаймехь волу Дела ву. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу ЯхІуд-махкарчу Ярушалайме а гІойла, аша Везачу Элан цІа а дойла. Дийна бисина болу исраилхой болчу меттигашкарчу бахархоша гІо дан деза цу нахана. Царна дети а, деши а, бахам а, кира лело даьхни а, шайн лаамца делла совгІаташ а ло, Ярушалаймехь долчу Делан цІенна лерина долу». Шен паччахьалла дІахІоьттинчу хьалхарчу шарахь Къуреш-паччахьо Ярушалаймехь долчу Делан цІийнах лаьцна омра дира. СагІанаш доху меттиг санна Делан цІа дІахІоттаде, ткъа цуьнан бух юхаботта. Цу цІийнан лакхалла кхузткъа дол, шоралла а кхузткъа дол хила еза.
Выбор основного перевода