Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Совсазчу баьпкан дезде ларде: Ас хьайна тІе-ма-диллара, ворхІ дийнахь совсаза бепиг даа Авив беттан билггалчу хенахь, хІунда аьлча цу хенахь шу Мисарара арадевлла. СагІа даккхаза цхьа а Суна хьалха ма хІотта. Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дІаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде. «ДІаала исраилхошка: „Оццу ворхІалгІачу беттан пхуьйтталгІачу дийнахь дуьйна ворхІ де Везачу Элана лерина хилийта. Адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош де царах. БалиІама Балакхе элира: «Аса ца аьллера ткъа ахьа суна тІебахкийтинчу геланчашка: Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цІа суна луш хилча а, Везачу Эло бохучунна тІера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хІума дан йиш яц сан. Везачу Эло сайга схьабоххург бен дІаэр дац аса!» «ХІинца со сайн халкъана тІе юхавоьрзу, амма хьуна дІахаийта лаьа суна. Аса дуьйцур ду хьоьга Исраилан халкъо хьох а, хьан халкъах а ден долчух лаьцна». БалиІама хІара дешнаш дІаэлира: «БеІаран кІанта БалиІама бина Делера хаам а, Сирла бІаьргаш болуш волчун хаам а бу хІара. Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хІара, Веза Воккха Дела шена вевзаш волчу. Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хІоттийна сурт, лаьтта а воьжна, дІабиллинчу бІаьргашца го суна. Суна иза го, амма иза хІинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тІаьхьенах. Паччахь вогІур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бІаьштигаш а отур ю, ШатІин ерриге тІаьхье а хьоьшур ю. Цо Эдом-мохк а дІалоцур бу, шен мостагІа долу СеІиран халкъ а дІалоцур ду. Ткъа Исраилан халкъан ницкъ совбер бу. Якъубан тІаьхьенах схьавер ву цхьа урхалхо, ткъа гІалара шаьш кІелхьарбевлларш хІаллакбийр бу цо». Цу хенахь БалиІамна Іамалекхахой гира. Цо иштта дешнаш элира: «Массо а къаьмнашна юкъахь Іамалекхахойн къам хьалхарниг ду, амма эххар а иза дакъазадер ду!» Цул тІаьхьа кхенахой гира БалиІамна, цо иштта дешнаш элира: «Шу Іаш долу меттиг онда дІахІоттийна. Шун бен тархан лакхенгахь бина бу. Делахь а шу, кхенахой, дІадохур ду, Ашура шу йийсаре дуьгучу дийнахь!» Цул тІаьхьа БалиІама иштта дешнаш элира: «ЭхІ, Дала и дерриге а дича, мила вахалур ву те? Хитам-гІайре йолчуьра хІордкеманаш догІур ду. Цара толам боккхур бу Ашуран а, Іебаран а халкъашна тІехь, амма уьш шаьш а хІаллакьхир бу!» БалиІам, хьала а гІаьттина, шен цІа дІавахара, ткъа Балакх, шен новкъа а ваьлла, дІавахара. Везачу Эло Муса-пайхамарехула Ша белла болу товрат-хьехамаш толлучу хенахь царна хІара карийра: шеран ворхІалгІачу беттан дезде даздечу хенахь Исраилан халкъ кхалораш чохь Іан дезара. Массо а халкъо, Ярушалаймехула а, шайн гІаланашкахула а чекх а долуш, баха дезара: «Лаьмнашкахь болчу махка а гІой, цигара зайт-диттан а, акхачу зайт-диттан а, хурма-диттан а, дукха гІаш долуш долчу диттийн а, ІиндагІ луш долчу диттийн а генаш схьадан деза, царах, товрат-хьехамаш тІехь ма-аллара, кхалораш ян а еза». Халкъо, ара а даьлла, шега ма-аллара, генаш а деана, царах шайна кхалораш йира. Цара уьш шайн шерачу тхевнаш тІехь а, шайн уьйтІахь а, Делан цІийнан кертахь а, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданахь а, иштта Эпраман кевнна хьалха йолчу майданахь а йира. Массо а йийсарера юхабирзинарш, шайна кхалораш а йина, цу деношкахь цу кхалораш чохь Іийра. Нунин кІант ЮшаІ ваьхначу хенахь дуьйна хІара денош тІе кхаччалц исраилхоша и дезде иштта даздина дацара. Массо а стаг чІогІа сакъераделла вара. Юха Ярушалаймана дуьхьалдевллачу массо а халкъех биснарш хІора шарахь Паччахьна, массо а ницкъийн Везачу Элана, Іибадат дан а, адамаш кхалораш кІелахь Іаш долу деза денош даздан а схьаоьхур бу.
Выбор основного перевода