Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
«Акацих сагІа доккху кхерч бе. Иза беакІов а болуш, бохалла а, шоралла а пхи дол хила беза, локхалла кхо дол хила беза. «Цхьаммо, Везачу Элана хьалха цатешаме а хуьлуш, къа лато тарло. Масала, цунах тешна цхьа хІума йитина я цхьана ханна дІаелла хилла, ткъа цунах лаьцна цуьнан уллораниг Іехо тарло цо. Я, масала, цхьа хІума шен уллорачух лачкъийна цо. Я цхьаъ леван тарло цо. «АхІароне а, цуьнан кІенташка а дІаала: дийнаташ дагоран сагІанах долу тІедуьллург ду хІара. Кхерча тІехь дагош долу дийнаташ буьйсанна сахиллалц цІера тІехь дита деза, кхерчан цІе а, ца йовш, яга езаш ю. Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. Цигахь даха шайн дийнаташ дагоран сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а, шайна са йоккхучух луш долу уьтталгІа дакъа а, шайн совгІаташ а, шаьш йинчу чІагІонца а, шайн лаамца а луш долу сагІанаш а, шайн бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, иштта уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а даладе цу метте. Ша дІакхалхале, Делан стаг волчу Мусас, исраилхой декъалбеш, аьлла дешнаш хІорш ду. Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаІ, Нахьми-ЯхІу, Сари-ЯхІу, РаІал-ЯхІу, Мардахай, Билшан, Миспар, БигІвай, Рахьим, БаІна. ХІорш ю юхабаьхкинчу исраилхойн цІераш: ХІорш бу йийсарера юхабирзина болу динан дай а, левихой а. Уьш Шалтаалан кІантаца Зурбабелца а, ЮшаІца а цхьаьна юхабирзина хилла. Церан цІераш: Сари-ЯхІу, Ярми-ЯхІу, Іезар, Левихойх болу ЮшаІ, Бинуй, Кхадмиал, Шараб-ЯхІу, ЯхІуд, Матан-ЯхІу. Далла баркалла олуш долчу назманашна тІехь жоп луш хилла Матан-ЯхІу а, цуьнан гергарнаш а. Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгІачу шеран, йолхалгІачу беттан, хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элан хаам кхечира. И хаам ЯхІуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кІанте Зурбабелна а, коьрта динан да волчу ЯхІу-ЦІадакъан кІанте ЮшаІана а лерина бара. Бавел-махкара цІа баьхкинчу хенахь Яхун-ЯхІу Шалтаалан да хилла, Шалтаал Зурбабелан да хилла, Йовди Йохьанан, Йохьан Решан, Реша Зурбабелан, Зурбабел Шалтаалан, Шалтаал Неран,
Выбор основного перевода