Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Марема царна эшар лекхира: «Хастам бе Везачу Элана, Цо динарг сийлахь ду. Дин а, бере а хІорда чу кхоьссина Цо». Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Цаьрца цхьаьна, Везачу Элана хастамаш байтархьама, цигахь битинера ХІайман, Ядутун, кхиболу, хІораннан а цІе а йоккхуш, схьахаьржина болу нах а, хІунда аьлча Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Турба лоькхурш а, илланчаш а, цхьаъ болуш санна, эбина мукъам балош лаьттара, Везачу Элана хастамаш а беш, Цунна баркалла а бохуш. Турбанашца а, цІастанан жимачу негІаршца а, кхечу гІирсашца а цхьаьна айдинчу озаца цара Везачу Элана хастамаш бора: «Веза Эла ма дика ву! Цуьнан безам хедар боцуш бу!» Оццу юкъана Везачу Элан цІа мархах дуьзира. И охьайоьссина цІе а, цу Везачу Элан ЦІенна тІе доьссина долу Цуьнан сийлаллин нур а шайна гича, майданахь болу берриг а исраилхой бертал ийгира. Везачу Элана хастамаш бира цара, Иза дика волу дела а, Цуьнан безам цкъа а хедар боцу дела а. ХІара цІераш левихойн куьйгаллехь хиллачийн ю: Хьашби-ЯхІу, Шараб-ЯхІу, ЮшаІ, Бинуй, Кхадмиал. Церан гергарнаш царна дуьххьал дІахІуьттуш хилла, Далла хастамаш а беш, баркалла а олуш. Цхьа тоба вукху тобане йист хуьлуш хилла. И хІума Делан стаг волчу Дауда дІахІоттийна хилла. ХІунда аьлча Веза Эла дика ву, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу, ткъа Цуьнан тешаме хилар лаьтташ ду массо а тІейогІучу тІаьхьенашна. Хаставе Веза Эла массо а халкъаша, хастам бе Цунна массо а къаьмнаша!
Выбор основного перевода