Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Массо а йийсарера юхайирзинчу тобанна юкъахь шовзткъе ши эзар кхо бІе кхузткъа стаг вара, Иштта динан дай а, левихой а, Делан цІийнан кевнехь болу гІаролхой а, илланчаш а, халкъана юкъара цхьаберш а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болу ялхой а – Исраилан массо а халкъ – шайн-шайн гІаланашкахь баха хевшира». Шеран ворхІалгІа бутт тІекхачале, дерриг а Исраилан халкъ шайн гІаланашкахь охьахевшича, массо а исраилхой Хин кевнна хьалха йолчу майдане схьагулбелира. Цара Іелам стаг волчу Іезаре дехар дира, Везачу Эло Муса-пайхамарехула Исраилан халкъана тІебиллина болу товрат-хьехамаш тІехь болу тептар схьада аьлла.
Выбор основного перевода