Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ТІаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира. ТІехьовсучара эскаре иштта дІахьедан деза: „Керла цІа дІа а хІоттийна, иза Далла къобалдина воцург, шен цІа юхаверза. Иза тІамехь вен тарло, тІаккха цуьнан цІа кхечу стага къобалдийр ду. Кемсийн беш а йоьгІна, цунна тІера стом схьа ца баьккхинарг а шен цІа юхаверза. ХІунда аьлча иза тІамехь лахь, кхечу стага пайда оьцур бу цуьнан кемсийн бешах. Зудчуьнца захало а дийцина, иза схьаяло цакхиънарг а шен цІа юхаверза. ХІунда аьлча иза тІамехь лахь, цуьнца захало дийцина йолу и зуда кхечу стага юьгур ю шена“. ТІехьовсучара кхин а иштта дІахьеде эскаре: „Кхоьруш верг а, доьналла доцург а шен цІа верза, кхечу тІемалойн дегнаш, цуьнан дог санна, кІеда ца хилийтархьама“. Иштта ду массо а Дела вицвинчеран некъаш. Иштта хІаллакьхир ю Іесачеран сатуьйсийла. Цуьнан сатуьйсийла ледара ду, цуьнан тІетовжийла гезгамаша бу. Шен цІенна тІе тевжар ву иза, амма латталур вац, цо схьалоцур ду иза, амма иза хІотталур вац“. Иза дика яшийна товнехь йолу орамат санна ву, цуьнан зІийдагаш ерриг а бешахула дІаса а хецна. Цуьнан орамаш тІулгех дІатийсалуш ду, жагІанна юккъехула дІаса а даьржаш. Амма и орамат ша хьалха тІедолуш хиллачуьра схьадаьккхича, и тІедолуш йолчу меттигна иза дицлур ду. Цо эр ду: „Хьо кхузахь цкъа а ца гина!“ Эццахь кхачало цуьнан ирсе дахар, ткъа цуьнан метта лаьттара кхидерш тІедовлу. Даудан назма. qac Аqac*мал вон йолчарах Іеха ма лолахь, зуламаш лелочарах ма хьегалахь. ХІунда аьлча уьш кестта, буц санна, бакъалур бу, сенделла догІу ялта санна, маргІал а лур бу. qac Бqac*илггал Везачу Элах тешна а хила, дика а де. Лаьттахь вехаш а хила, догцІеналла лар а е. Везачу Элах дезар оьцуш хила, Цо хьан деган лаамаш кхочушбийр бу. qac Вqac*езачу Элан кара хьайн некъ дІа а ло, Цунах тешна Іаш а хила, ткъа тІеоьшург Цо кхочушдийр ду. Цо, серло санна, хьан бакъдерг а гучудоккхур ду, дийнан делкъе санна, хьан нийсо а гучуйоккхур ю. Адамех а хуьлу бежанех хирриг: уьш а, вуьш а цхьатерра дІакхелха. Адамийн а, бежанийн а цхьатерра са ду, адамаш а дац бежанел гІоле. Дерриг а кхетам тІе ца кхуьу хІума ма ду! Хьанна хаьа, адамна чуьра арадаьлла са лакха стигалшка хьаладоьдий, бежанна чуьра арадаьлла са лаха лаьтта чу охьадоьдий?»
Выбор основного перевода