Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Даккхий ду Цуьнан гІуллакхаш, царах вай кхетар доцуш, Цуьнан тамашийна гІуллакхаш дагардина а вер вац. «Суна хууш ду, Веза Эла, Хьайна луъург Хьан дан йиш юйла а, Ахьа дан леринарг цхьаьнгге а сацалур доцийла а. Ахь хаьттира: „Мила ву Сан Іалашонаш хьекъале доцучу дешнашца кхулуьйтуш верг?“ Бакъду, со ца кхеташ долчу хІуманех лаьцна, сайна а ца хаъал дукха хала долчух лаьцна дуьйцура ас. Ас ойла йора, со цунах муха кхетар вара те бохуш. Амма суна цунах кхета хала дара, Нах Делан сийдеш бу, Цо цхьадолу хІуманаш къайладахарна. Нах паччахьан сийдеш бу, цо хІуманаш талларна. Массо а хІуманна а цунна йогІуш йоллу хан елла Дала. Дала адаман кхетам чохь абадех йолу ойла кхоьллина, юьххьенца дуьйна дІадовллалц Дала деш долчух иза кхеташ дацахь а. ЭхІ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тІаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна!
Выбор основного перевода