Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Ма даалаш иза, шайна а, шайн берашна а шул тІаьхьа а даим дика хилийтархьама, хІунда аьлча оцу тайпана шайн Везачу Делан бІаьргашна хьалха нийса дерг деш ду аша. Ткъа эсала болчарна тІаьхьалонна латта кхочур ду, машарх а, беркатах а цара дезар оьцур ду. qac Лqac*еррина хьоьжу Веза Эла цІена лелачийн хьашташка, царна кхаьчна мел дерг абаденналц лаьттар ду. Боданера нах хІаллакьхуьлу, хьекъалаллех уьш дІаберзарна. Сонтанаш бойъур бу, шаьш-шайх тоам бина уьш леларна. Амма соьга ладоьгІнарг, паргІат а волуш, цхьана а агІор кхерам а боцуш, вехар ву, зуламах а ца кхоьруш». Сайн дахаран деношкахь кхетам тІе ца кхуьу хІуманаш дукха гина суна. Масала, ша бакъахьара хиллехь а, къона стаг дІакхелха, ткъа ша зуламе велахь а, стаг дукха вехаш а хуьлу. Делан лаамехь волчуьнга цуьнца дика хир ву ала, хІунда аьлча ша динчу дикачу гІуллакхех пайда оьцур бу цо. Ткъа Іесачун къа ду, хІунда аьлча ша динчу вочу гІуллакхашна бекхам хир бу цунна.
Выбор основного перевода