Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
ТІаккха Ахьаш-Варуш-паччахьо, вистхуьлуш, шен зудчуьнга Эсирате хаьттира: «И хІума динарг мила ву? Схьагайта суна и хІума дан ваьхьна волу стаг». Хьуна моьтту, Везачу Эло къинош летош берш таІзар ца деш буьту, церан къинош Шена ца гуш санна. Ахь иза леладора, ткъа Со вист ца хуьлура. Хьуна-м Со хьайх тера ву моьттира. Амма хІинца Ас хьуна тІехдеттар а ду, хьан бІаьргашна хьалха Ас хьох бехк боккхур а бу. Къа ду бехначу эпраймхоша дозалла дечу кочаран. Цуьнан исбаьхьа хазалла кочаран маргІалдулуш долчу зезагех тера ю. И кочар токхечу тогІин коьрта тІехь ду, амма тогІин бахархой чагІаро бахийна Іохкуш бу! Хьалдолчу Элан чІогІа а, онда а цхьа стаг ву. Къора яхьаш догІу догІа санна а, хІаллакдеш болу мох санна а, чІогІа хитІедалар санна а тІелетар ву иза. Шен ондачу куьйгаца цо и кочар лаьтта охьакхуссур ду. Когашца хьоьшуш хир ду бехначу эпраймхойн кураллин кочар. Токхечу тогІин коьрта тІехь долу а, маргІалдулу зезаг долу а и исбаьхьа хазалла заманал хьалха кхиинчу инжирах тера ю – хьалха гинчо, схьа а йоккхий, йоу иза. Цу дийнахь массо а ницкъийн Веза Эла исбаьхьа кочар а, хаза таж а хилла дІахІуттур ву Шен халкъах бисначарна. Цо кхелахошна нийсонца кхел яран лаам лур бу, ткъа гІалин кевнера мостагІий дІалохкучарна доьналла лур ду. ЧагІаро галбохурш а, нихано тохкуьйтурш а ур-атталла динан дай а, пайхамарш а бу – уьш чагІаро галбоху. ЧагІаро уьш карзахбоху, ткъа нихано уьш тохкуьйту. Шайна суьрташ хІиттича, уьш галбуьйлуш бу, шаьш гІуллакх къастадича, уьш тийсалуш бу. Массо а стоьла тІехь Іеттораш ю, цхьанхьа а цІена меттиг яц. Цара боху: «Мила Іамо гІерташ ву иза? Хьанна хьекъал луш ву иза шен хьехамца? Дакхочуьра дІадаьхначу кегийчу берашний? ХІунда аьлча „весета тІе весет ду, весета тІе весет ду, бакъонна тІе бакъо ю, бакъонна тІе бакъо ю, кхузахь а жимма, цигахь а жимма“». Делахь а, бур-бур деш долчийн балдашкахула а, хийра мотт буьйцучаьргахула а Дала цу халкъе къамел дийр ду. Цаьрга бехира Цо: «ХІара садаІа меттиг ю, синтеме меттиг ю хІара кІадбеллачарна садаІа!» Амма царна ладогІа ца лиира. ТІаккха царна Везачу Элан дешнаш хІорш хир ду: «Весета тІе весет ду, весета тІе весет ду, бакъонна тІе бакъо ю, бакъонна тІе бакъо ю, кхузахь а жимма, цигахь а жимма». Уьш, дІа а бахана, аркъал а кхетта, хІаллакьхир бу, гура чу а нисбелла, дІалоцур бу. Везачу Элан даше ладогІа, кхаьрдаш болу куьйгалхой, Ярушалаймера оцу халкъана тІехь олалла деш болу. Аша боху: «Іожаллица берта дахана тхо, эхартаца а барт бина оха. Детташ долу серий, хитІедалар санна, чугІиртича, иза тхуна тІе кхочур дац, хІунда аьлча оха харцонах тхайн дІалечкъийла йина, ткъа мекарлонах тхо къайладахаран меттиг йина». Цундела боху Хьалдолчу Эло: «Хьажал, Ас Цийон-лам тІе тІулг охьабуьллу. Иза зийна а, беза а тІулг бу, ткъа иза соне буьхана дІахІоттийна бу. Цунах тешна Іаш верг ведда дІаваха везаш вац. Бакъдолчух юстаран тІийраг а, нийсонах гІишло юстаран гирс а бийр бу Аса». Харцо дІалечкъина меттиг къора тоьхна йохор ю, ткъа шу къайладахаран меттиг хиша дІайохур ю. Аша Іожаллица а, эхартаца а бина барт бухур бу. Детташ долу серий, хитІедалар санна, чугІиртича, цо шу охьатухур ду. Юх-юха цо, шу охьа а тухуш, схьалоьцур ду. ХІора Іуьйранна иза шуна тІелетар ву. Дийнахь а, буьйсанна а иза тІелетар ву. Везачу Элан хаамах шаьш кхетташехь, шу Іадийна лаьттар ду. ДІавуьжу мотт боца хир бу – ког дІахеца, юргІа готта хир ду – цу юкъа хьарча. Веза Эла гІоттур ву, Паруцим-лам тІехь санна, Иза оьгІазгІур ву, ГавІонан тогІи чохь санна, Цо Шен шатайпа гІуллакх дийр ду, вай кхеташ боцуш болу Шен болх бийр бу Цо. Шаьш кхин а чІогІа холчу ца хІиттийта, кхаьрдачуьра совца дезаш ду шу. Суна хезна массо а ницкъийн Везачу Элера, хІаллакдар дерриге а лаьттана хир ду аьлла. Дика ладогІалаш ас бохучуьнга, тидам белаш сан къамеле. Гуттар а хуьлий латталелорхо охуш, хІу тасархьама? Гуттар а хуьлий иза мекха такхош шен лаьтта тІехь? ХІан-хІа. Латта шардинчул тІаьхьа, цо оччаман а, цицийн а хІуш тосу. МогІарашкахь цо кІа дІадоь, билгалъяьккхинчу меттехь мукх дІабоь, ткъа дозанашкахь Іов дІайоь. И къепе Дала Іамайо цунна. Цо хьехам бо цу стагана. Ша оччам оруш цунна тІе беза гІирс ма ца туху, ткъа цицашкахула цергаш йолу керчол ма ца хохку латталелорхочо. Оччам, гІаж а етташ, чкъоьргех дІакъестайо, ткъа цицашна тІе хьокха бен ца туху. Шех бепиг до ялта хьоьшуш ду, амма иза кхоччуш ара ца деза. Ялта ору чкъургаш лелайо цунна тІехула, амма говрашца иза хьоьшуш дац. Берриге а ницкъийн Везачу Элера схьа ду иза: тамашийна бу Цуьнан хьехам, сийлахь ду Цуьнан хьекъалалла! Везачу Эло элира: «Хьуна гуш дерг нийса ду. Сайн бІаьргашца хьожуш ву Со Сайн дош билггал кхочушхилийта». Я Делан шортта долчу диканах, эсалаллах, собарх ца веша те хьо? Ца кхета те хьо Шен диканца Дела хьо Шена тІеверзо гІерташ хиларх? Амма хьайн юхахьарачу амалца а, дохко ца долучу дагца а ахьа-айхьа хьайна таІзарш гулдо Делан оьгІазло а, Цуьнан бакъйолу кхел а гучуйоккхучу денна. Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хІунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хІаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хІуманна дохко а даьлла, Шена тІедерза лаьа Цунна.
Выбор основного перевода