Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Зезаг санна, гучу а волий, маргІалвулу иза. ІиндагІ санна, водий, дІавоьду иза, къайлаволуш. Шен дахар чаккхенга дерзале, иза дакъаделла, цкъа а сенделла дІагІур доцу га санна, хир ву. Адам хьоькхучу махах тера ду, цуьнан дахар а дацлуш долу ІиндагІ ду. Везачу Эле ларамах вуьзна хиларо стеган денош дахдо, ткъа Іесачу нехан шераш дацдина хир ду. Хьанна хаьа, хІун дикаха ду адамна шен, ІиндагІ санна, дІауьдучу, кхетам ца кхуьуш долчу дахаран деношкахь? Стигална кІел дІакхелхича, хьан эр ду адаме цунах хиндерг? Ткъа Іесачун къа ду, хІунда аьлча ша динчу вочу гІуллакхашна бекхам хир бу цунна.
Выбор основного перевода