Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Адамна уггар а диканиг яар-малар а, ша бечу балхах там хилар а ду. Со кхийтира иза а Делера хиларх. Иштта суна хиира, адамашна, шаьш дийна мел ду, самукъадаккхарал а, зовкх хьегарал а дикаха хІумма а доцийла. амма Цо Шех тоьшалла дитина, шуна диканиг а деш: стигалара догІа доуьйтий, шен хенна ялта кхуьуьйтий. Цо шуна кхача а ло, шун дегнаш хазахетарх а дузу». Иштта шаьш юуш я молуш делахь а, я кхидолу муьлхха а гІуллакх деш делахь а, Делан сийлаллин дуьхьа де. Сайна цхьа хІума оьшу дела, ца боху аса иза. ХІунда аьлча сайна хІуъа а тІедеача а, со Іемина ву сайн долчух тоам а беш Іен. Суна къоьлла а евзина, хьал а девзина. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу меттехь а сайн долчух тоам баран къайле евзина суна – со вуьзна я меца велахь а, со шортта хІума долуш я хІума оьшуш велахь а.
Выбор основного перевода