Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12
Параллельные места
Іесанаш дукха хІунда беха, къеналле а кхочуш, хьолехь сов а бохуш? Іесачеран аьтто балар сайна гича, дозаллаш дечаьрга сан хьагІ хуьлура. Шаьш дІакхалххалц цара баланаш а ца хьоьгу, церан догІмаш могуш а хуьлу. Адамийн гІайгІанашкахь цара дакъа а ца лоцу, кхиболчу наха санна, цара гІело а ца хьоьгу. Цундела, коча ухкучу туьтеша санна, куралло дІалаьцна уьш, тІедухучу духаро санна, къизалло дІахьулбина уьш. Берстина хьера а бевлла, къинош летадо цара, церан дегнаш чохь йолу ойланаш мекара ю. Кхардамца кхечарах лаьцна вон къамелаш до цара. Дозаллаш дарца нахана гІело яран ойланаш йо цара. Цара шайн баганаш стигалшка хьала а йохуьйту, церан меттанаш лаьттахула дІаса а даьржа. Цундела цара дечунна тІедоьрзу Цуьнан халкъ а, цара лелочух кхоччуш ша дуза а деш. Цо олу: «Далла и муха хуур ду? Веза Воккхачунна иза хуийла а дуй те?» Иштта бу и Іесанаш! Цхьана а хІуманан гІайгІа ца ешшехь, церан хьал алсамдолу. Ас сайн дагахь элира: «ТІаккха аса сайн дог цІандар а, сайн куьг цІена леладар а эрна хилла те? Дийнахь сарралц соьга Іазап а хьоьгуьйту, хІора Іуьйранна суна таІзарш а дойту». Сайн дахаран деношкахь кхетам тІе ца кхуьу хІуманаш дукха гина суна. Масала, ша бакъахьара хиллехь а, къона стаг дІакхелха, ткъа ша зуламе велахь а, стаг дукха вехаш а хуьлу. ТІех бакъахьара а ма хила, хьекъалца тІех а ма вала – хьуо хІунда хІаллаквойту ахь? Вайна моттарехь кураберш ирс долуш бу. Иштта, харцонаш лелораш беркатехь Іаш бу, ткъа Дела зуьйш берш а дийна буьсуш бу“». Наха тхо сийсаздаьхча а, оха царах лаьцна диканиг доьху. Тхо, кху дуьненна сов а девлла, нехаш санна ду. Тахана а ченан мехах хета тхо массарна а. Тхан ларам а бо, тхо сийсаза а доху. Тхуна лен а лоь, тхо хеста а до. Тхох харцлуьйш дерш до, амма тхо бакъонца лела.
Выбор основного перевода