Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ПахІал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Іаш Іийсан мурд вара, Тимапи цІе а йолуш. Цуьнан нана Іийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара. Динан вежарша ПахІал а, Сали а цу сохьта буьйсанна Берия олучу гІала дІавахийтира. Цига дІа а кхаьчна, уьш жуьгтийн гуламан цІийне бахара. Ерриг а гІала карзахъелира. Адамаш гІалахь нах гуллучу метте – театре дІахьаьлхира, шайца ши македонхо, ПахІалан накъостий, Гаяс а, Арестах а, такхийна. Асиа-махка доьдучу Адрамитти-гІалин хІордкеманна тІе а хевшина, новкъадевлира тхо. Тхоьца Арестах цІе йолу Тассалник-гІалара македонхо а вара. Маршаллаш доуьйту шуьга соьца цхьаьна гІуллакх деш волчу Тимапис а, сан къомах болчу Лукус а, Ясона а, Соса-Патура а. Ткъа сох лаьцна а, сан гІуллакхех лаьцна а – шадерг а вайн хьомечу вашас, Везачу Элана леринчу къахьегарехь тешамечу гІуллакхдархочо ТихІака дІадуьйцур ду шуна. Сох лаьцна шадерг ТихІака дуьйцур ду шуна. Тхоьца цхьаьна Везачу Элана гІуллакх деш волу, тешаме къахьоьгуш волу, вайн хьоме динан ваша ву иза. Тхоьгахь хІун хьал ду шуна хаийта а, шун дегнаш иракарахІитто а воуьйту аса иза шу долчу. ТихІак Эпас-гІала вахийтина ас. Арсати Коринт-гІалахь висира. Ткъа ТрахІим Милет-гІалахь витира ас, иза цомгуш волу дела. Артем я ТихІак аса хьайна тІеваийтича, со волчу Никупола-гІала схьаван хьажа сихо елахь, хІунда аьлча цигахь Іа даккха сацам бина аса.
Выбор основного перевода