Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Жуьгтийн «ШавуІот» цІе йолчу ялта чудерзоран дезачу дийнахь массо а векал цхьаьнакхийтира. Уьш Эпас-гІала кхечира. ПхьаьрскІилата а, Іакхила а цигахь сецира. ПахІал ша жуьгтийн гуламан цІийне вахара, жуьгташца къамел дархьама. Ткъа, дІавоьдуш, цо элира: «Далла лаахь, со юхавогІур ву шу долчу». Цул тІаьхьа иза хІордкеманца Эпас-гІалара дІавахара. И хІума хиллачул тІаьхьа Македонехула а, Ахаехула а Ярушалайме ваха сацам бира ПахІала. Цо элира: «Цигахь хилча, со Рим ган а декхарийлахь ву», – аьлла. Цу гІалахь Іийсан мурдаш а карийна, цаьрца цхьа кІира даьккхира оха. Делан Сино хьехарна цара элира ПахІале, Ярушалайме ма гІахьара аьлла. Иза а хезна, тхо а, цигахь болу нах а, ПахІале Ярушалайме ма гІахьара бохуш, дехарш дан хІиттира. Жуьгтийн «ШавуІот» цІе йолу ялта чудерзоран дезде тІекхаччалц Іийр ву со Эпасехь.
Выбор основного перевода