Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Схьа а лехна, иза Антиохе схьавалийра цо. Дийнна шарахь Іийра Бар-Нааб а, Шаул а Антиохехь Іийсах тешачийн тоба йолчохь. Цара дуккха а нахана хьийхира. Антиохехь дуьххьара элира мурдех «Дала леррина Къобалвинчун берш». Македон-махкахула чекхваьлча, со шу долчу вогІур ву, хІунда аьлча сан Македонехула ван ойла ю. Доьху хьоьга, со Македон-махка воьдуш, аса хьайга ма-деххара, Эпасехь сацар. Цигарчу цхьаболчу нахана харц хьехамаш бар дехка деза ахь.
Выбор основного перевода