Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Айхьа ширачу заманахь дуьйна дола даьккхина Хьайн халкъ, мах белла паргІатдаьккхина Хьайн тукхам дагадаийтахьа! Хьо тІехь Іаш хилла болу Цийон-лам дагабаийтахьа! УьстагІийн аматехь шайна дуьхьал хІуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан. «Аса дохуьйту шу, берзалойн арданг юккъе уьстагІий ма-дахийттара. Цундела, текхарг санна, хьекъале хилалаш, кхокха санна, дагахь хІума доцуш а хилалаш. Ткъа йолах волу Іу, и уьстагІий шен долахь ца хиларе терра, борз йогІуш шена гича, жа а дуьтий, дІаводу. Еанчу барзо и уьстагІий хІаллак а до, уьш дІай-схьай а даржадо. Динан тобанашкахь Дала цхьаберш векалш, вуьш пайхамарш, кхозлагІнаш динан хьехамчаш бина дІахІиттийна. Цул сов, цхьаболчарна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ белла, вукхарна адамаш тодан похІма делла. Иштта уллорачарна гІо дан похІма а, урхаллин похІма а, тамашийна мотт бийцаран похІма а делла Цо. Хьайн лелар а, айхьа беш болу хьехамаш а ларбе. ХІара ас аьлла долу гІуллакхаш даим а де, хІунда аьлча уьш дарца ахьа хьо а кІелхьарвоккхур ву, хьайга ладоьгІуш берш а кІелхьарбохур бу. амма цІеначу а, бехк боцучу а Іахаран санна долу, Дала леррина Къобалвинчун деза цІий делла ю.
Выбор основного перевода