Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІуд вайх цхьаъ вара, вай Далла гІуллакх дечу хенахь вайца дакъа а лецира цо». ТІаккха ПахІала элира: «ХІун до аша, хІунда доьлху шу, сан дог а дохош? ДІавехкарна хьовха, Везачу Элан Іийсан дуьхьа Ярушалаймехь вала а кийча ву со». Делан къинхетамца оцу тайпана долу гІуллакх дан тхайн йиш хиларна, тхо дог доьхна дац. ХІара кехат яздо шуьга аса, векал волчу ПахІала. Цхьанна а тобано я цхьанна а адамехула къобалвина вац со. Векал а вина, со дІахьажийнарш бу Дала къобалвина волу Іийса а, Иза веллачуьра денвина волу вайн Да волу Дела а. Дикачун дуьхьа бечу тІамехь ас хьуьнарца тІом а би, и къийсам чекх а баьккхи, сайн тешар а ларди. Шена хеттачу хенахь Дала Шен дош довзийтира. Вайн КІелхьардохург волчу Дала, сох а тешна, и дош дІакхайкхор суна тІедиллира.
Выбор основного перевода