Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Эли-ЯхІус кхузза шен дегІ цу кІантана тІедиллира. Цо доьхура: «Ва сан Веза Дела, юхадерзадехьа цу кІентан дегІа чу дахаран са!» Везачу Элана дІахезира Эли-ЯхІун доІа. Оцу кІентан дахаран са юхадеара, иза денвелира. ТІаккха, кІантана тІе а вахана, цунна тІехула дІаса а ваьржина, охьавижира ЭлишаІ. Цо шен бат кІентан бетана тІе, шен бІаьргаш цуьнан бІаьргаш тІе, шен кераяккъаш цуьнан кераяккъаш тІе ехкира. КІентан дегІ дохделира. ЭлишаІ, хьала а гІаьттина, дІа а, схьа а волавелира. Цул тІаьхьа, юха а кІантана улло а вахана, цунна тІехь дІасаваьржира ЭлишаІ. ТІаккха кІанта, ворхІазза хьоршам а тоьхна, шен бІаьргаш дІабиллира. Іийса гуламан цІийнан куьйгалхо волчу цІа веача, Цунна гира зурманчаш а, доьлхуш, доьхна адам а. Цо элира: «ДІагІо кхузара! ЙоІ яла ца елла, иза йижина Іуьллуш ю!» Амма нах Кхунах боьлуш лаьтташ бара. Іийсас, йоьІан куьг схьа а лаьцна, элира: «ХьалагІатта, йоІ!» ЙоІана чу са деара, иза цу сохьта хьалагІаьттира. Іийсас цунна яа хІума ло элира. Массо а чуьра ара а ваьккхина, гора а хІоьттина, доІа дира Кипас. Юха, еллачуьнгахьа дІа а вирзина, элира цо: «Тавита, хьалагІатта!» Зуда, бІаьргаш схьабиллича, Кипа а гина, кІегархиира. Кипас, куьг а лаьцна, гІо дира цунна когаш тІе ирахІотта. Юха Іийсах тешарш а, бисина Іаш болу зударий а схьа а кхайкхина, царна денъелла Тавита дІагайтира цо.
Выбор основного перевода