Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со хІинца шуна хьалха ву. Везачу Элана а, Цо къобалвинчунна а хьалха тоьшалла дан мегар ду шуна соьгара даьллачу гІалаташна. Шуьгара цхьаьнггара а сту я вир схьаяьккхиний аса? Шуна цхьанна а халахетар диний, гІело йиний? Я кхаьънаш оьцуш, шуьгара даьллачунна тІехь сайн ши бІаьрг дІакъевлина аса? Схьаала соьга, иза аса шуна юхадерзор ду». Цомгуш берш тобе, белларш денбе, чкъураца ца йоьрзу чевнаш ерш лазарх цІанбе, харц жинаш дІалелхаде. Маьхза карадеанарг мах боцуш дІало. Кхечеран а шуна юкъахь иштта бакъонаш хилча, ткъа тхан церан чул а сов яц и бакъонаш? Амма оха, мелхо а, тхайн оцу бакъонашка а ца хьоьжуш, тхайна тІе мел деанарг лов, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ дІакхайкхош, тхайгахьара цхьа а новкъарло ца хилийтархьама. Тхо шайн дегнаш чу тардалийтийша! Оха цхьанна а вониг ца дина, цхьа а дакъаза ца ваьккхина, цхьаьнггара а тхайна пайдехь дерг а ца лехна. Шу долчохь тхо долуш, цхьацца хІуманна тІехь тхаьшна эшам хуьллушехь, шуна цхьанна а бала ца бора оха тхайх. ХІунда аьлча суна оьшуш дерг Македонера баьхкинчу динан вежарша кхочушдора. Массо а хІуманна тІехь шуна сайх бала ца бан гІиртира со, хІинца чул тІаьхьа гІертар а ву. ТІаккха шу долчу веанчу цхьанненгахула а сайна пайда ийцирий те аса шуьгара яьккхинчух?
Выбор основного перевода