Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен халкъ баккъалла а деза Цунна, Цо дІакъастийнарш Цуьнан карахь бу. Цуьнан когашка охьа а таьІа уьш, Цуьнгара хьехам дІа а оьцу цара. ЯхІуд-махкахь а, Галилайхь а, Шамран-махкахь а Іийсах тешачийн тобанашна маьрша хан еара. Везачу Элан сийлаллех а кхоьруш, Делан Синан гІоьнца чІагІ а луш, алсамбовлуш бара Іийсах тешаш берш. Іийсах тешачийн хІора тобанехь тхьамданаш а хІиттийна, марханаш а кхобуш, доІанашца уьш тешначу Везачу Элан кара белира векалша. Церан бІаьргаш схьадиллина, боданера серлоне а баьхна, иблисан олаллина тІера Далла тІеберзор бу ахь уьш, царна гечдар хилийтархьама а, Сох болу тешам бахьана долуш, Делан базбинчу нахана юкъахь церан меттиг хилархьама а“». Шун дегнашна тІера пардо дІадоккхийла Цо, шу тІекхайкхина долу сатийсар а, Шен нахана лур ду аьлла долчун хьал муха ду а, Шех тешаш долчу вайна чохь лела барам боцу боккха ницкъ бохург хІун ду а шуна хаийтархьама. И боккха ницкъ стигаларчу Дена хастамаш бойла аша. Серлонан олаллехь Шен долахь болчарна лур ду аьллачун декъашхой шух хилийта, шуна хьуьнар Делларг Иза ма ву. Дагахь латтаде, Шен халкъана лур ду аьлларг Везачу Эло совгІатна лур ду шуна. Дала леррина Къобалвинарг баккъалла а аша гІуллакх деш волу Эла ма ву. Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Іийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Іийса ден а вина, цу бахьаненна хІаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тІаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тІаьхье стигалшкахь ларъеш ю,
Выбор основного перевода