Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Деяния
Параллельные места
Царах цхьамма, цуьнан цІе Кхалайп яра, элира: «Хьо, схьагарехь, Ярушалаймехь цхьаъ ву-кх хІокху деношкахь хІун ду ца хууш виснарг?» Ткъа шаьш юьххьехь дуьйна а Соьца хиларна, аша а тоьшалла дийр ду Сох». Жуьгтийн «ШавуІот» цІе йолчу ялта чудерзоран дезачу дийнахь массо а векал цхьаьнакхийтира. ЦІеххьана, чІогІа хьаькхначу махах тера а йолуш, стигалара цхьа гІовгІа хезира. Цо уьш чохь болу дерриг а цІа дуьзира. Йогучу цІеран алунех тера долу меттанаш гира векалшна. Уьш, декъа а делла, кхарна хІоранна тІехула севцира. Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похІмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш. Дала Іийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду. Дахар Кхоллархо вийра аша! Амма Дала веллачуьра денвира Иза, цу хІуманна тхо тешаш а ду. Тхо тешаш ду оцу дерригенна а. Ша бохург деш волчунна Дала делла Деза Са а ду оцунна теш». Ас доІа до, Шен сийлаллин хьоле а хьаьжна, Дала Шен Синца шун чохь болу синкхетам чІагІбар доьхуш.
Выбор основного перевода