Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Деяния
Параллельные места
Иштта, даха а гІой, Ден, КІентан, Делан Синан цІарах массо а халкъаш хих чекхдаха, Юха Іийсас, лам тІе хьала а ваьлла, мурдашна юкъара Шена оьшурш тІекхайкхира. Уьш Цунна тІе баьхкира. Царна юкъара Іийсас шийтта мурд схьакъастийра (царах Цо векалш элира), уьш Шена юххехь хилийтархьама а, цаьрга хьехамаш байтархьама а, Иштта цаьрца къамел динчул тІаьхьа Іийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агІор охьахиира. ШолгІачу дийнахь Цо, Шен мурдаш схьа а кхайкхина, царна юкъара шийтта хаьржира. Царах Цо векалш элира. Уьш бара: Сан Дас лур ду аьлларг Ас дІакхочуьйтур ду шуна, амма, лакхара шайна чу ницкъ боссалц, шу гІалахь совца деза». Цаьрца Ярушалаймера ара а ваьлла, Бет-ХІине кхаччалц дІавахара Иза. Куьйгаш хьала а айина, уьш декъалбира Цо. Юха, уьш декъал а беш, царна гена а волуш, стигала хьалаваьккхира Иза. ТІаккха юха а элира Іийсас цаьрга: «Маршо хуьлийла шуьца! Со Дас ваийтаре терра, Аса шу а дохуьйту!»
Выбор основного перевода