Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Деяния
Параллельные места
Іийсан шийтта мурдах цхьаъ волчу ЯхІуд-Искархочо, динан коьрта дай болчу а вахана, элира: «Суна хІун лур ю аша, аса Иза шайна дІалахь?» Цара ткъе итт дети ахча лур ду шаьш элира. Іийсана ямартло йина волчу ЯхІуд-Искархочо, Цунна кхел йинийла хиъча, дохко а ваьлла, шена делла долу ткъе итт дато ахча динан коьртачу дайшний, къаношний юхаделира. Цо элира: «Къа латийна аса сайх, бехк боцучунна ямартло а йина». Амма цара цуьнга элира: «Тхуна хІун ду иза? Иза хьайна хуур ду хьуна». Ша цаьргара схьаэцна долу дато ахча Делан цІийнан керта дІа а кхоьссина, ЯхІуд-Искархо, вахана, ирхъоллавелира. Динан коьртачу дайша, и ахча схьа а гулдина, элира: «ХІара Делан цІийнан хазни чуьра ахчанах дІатоха мегар дац, цІий Іанадайтина ахча долу дела». Вовшах дага а бевлла, цара цу ахчанах кхийра пхьегІаш еш волчун латта ийцира, цу тІехь хийрачу къаьмнех болу белла нах дІабохка. Цундела тахана а и латта «ЦІийн латта» олуш ду. Иштта кхочушхилира Ярми-ЯхІус аьлла долу дешнаш: «Схьаийцира цара мах хІоттийна волчунна тІера ткъе итт дато ахча. Иштта бара исраилхоша цуьнан хадийна болу мах. Иза кхийра пхьегІаш еш волчун лаьттах дІаделира цара, соьга Везачу Эло ма-аллара».
Выбор основного перевода