Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Деяния
Параллельные места
«Ткъа хІун хилла?» – хаьттира Іийсас. «Назартарчу Іийсаца доьзна хилларг, – жоп делира цара. – Иза пайхамар вара. Далла а, массо адамна а хьалха нуьцкъала Устаз а, инзаре хІуманаш Дийриг вара И. Ткъа Аса Дега доьхур ду, тІаккха Цо кхин „гІо Дийриг“ лур ву шуна, Иза абаде кхаччалц шуьца хилийта. Билггал бакъдерг гойту Са лур ду шуна, дуьнене тІеэцалур доцу, шена Иза ган а ца го дела а, И довза а ца девза дела а. Ткъа шуна девза Иза, И шуьца долу дела а, шуна чохь И хир долу дела а. Ас воуьйтур ву шуна Сайн Дегара гІо Дийриг – Дегара схьадолу бакъдерг гойту Са доуьйтур ду шуна. Цо, деача, тоьшалла дийр ду Сох. Иштта Делан аьтту куьйга хьалаваьккхинчу Цо Дегара Шена лур ду аьлла Делан Са схьаийцира. Іийсас кхочушдира тахана шуна гуш а, хезаш а дерг. амма Дала веллачуьра кхозлагІчу дийнахь денвира. Іийса Делан лаамца нахана гучувелира.
Выбор основного перевода