Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Деяния
Параллельные места
Іийсас, тІе а веана, цаьрга элира: «Стигалшкахь а, кху дуьнен чохь а мел йолу бакъо Сан кара схьаелла. Иштта, даха а гІой, Ден, КІентан, Делан Синан цІарах массо а халкъаш хих чекхдаха, Аса шайна тІедиллинарг дерриг а лардар а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тІекхаччалц». Векалша дийцира: «Веза Эла билггала денвелла! Иза ШамІина хьалха хІоьттинера!» Церан къамел чекх а ца даьллера, Іийса, Ша царна юкъа а веана: «Машар хуьлда шуьца», – аьлла, вистхилча. Уьш, кхерабелла, дІасевцира, шайна гуш дерг гІаларт ду моьттуш. Ткъа Цо бохура: «Шу кхера хІунда делла? Шеко хІунда йогІу шу дегнаш чу? Хьовсал Сан куьйгашка а, Сан когашка а. ХІара Со ву! Куьг Іоттал Сох, схьахьовсал. ГІалартан дегІ а, даьІахкаш а ца хуьлу, ткъа Сан, шуна ма-гарра, дегІ ду». Иза а аьлла, Цо Шен куьйгаш а, когаш а гайтира. Амма уьш цецбевлла а, хазахетта а ца тешара гучух. ТІаккха Іийсас хаьттира: «Яа хІумма а юй шун?» Цара беттина чІара белира Цунна. Ткъа шуна гІо Дийриг, Шен Са, доуьйтур ду Сан Дас. Сан дуьхьа доуьйтур долчу цу Делан Сино хьоьхур ду шуна массо хІума а. Ас шуьга мел дийцинарг дага а доуьйтур ду Цо шуна. Машар буьту Ас шуна, Сайн машар ло Ас шуна. Дуьнено ца луччу тайпана, машар ло Ас шуна. Синтем боцуш ма хуьлийла шун дегнаш, кхера а ма лойла уьш. ТІаккха юха а элира Іийсас цаьрга: «Маршо хуьлийла шуьца! Со Дас ваийтаре терра, Аса шу а дохуьйту!» И аьлла, Іаь а тоьхна, Іийсас элира: «ДІаэца Делан Са. Нагахь аш адамийн къиношна гечдахь, уьш царна тІера дІадевр ду, ткъа нагахь аша и къиношна геч ца дахь, уьш царна тІехь дуьсур ду». Цул тІаьхьа Иза, Кипина а, тІаккха шийтта векална а хьалха веана, дІахІоьттира. Цул тІаьхьа Иза цхьана хеннахь пхеа бІеннал сов болчу динан вежаршна хьалха дІахІоьттира. Царах дукхахберш хІинца а дийна бу, ткъа цхьаберш дІа а кхелхина. ТІаккха Иза, Якъубана хьалха а веана, дІахІоьттира. Цул тІаьхьа, массо а векалшна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза.
Выбор основного перевода