Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Деяния
Параллельные места
Нахаца Іийсас къамел дечу хенахь Цуьнан наний, вежарий арахь лаьтташ хилла, Цуьнца къамел дан лууш. Дечиган пхьеран кІант вац Иза? Цуьнан ненан цІе Марем яц? Ткъа вежарийн цІераш Якъуб, Юша, ШамІа, ЯхІуд бохуш яц? Амма Іийса вевзарш, Галилайра дуьйна Цунна тІаьхьа баьхкина зударий а тІехь, геннара хьоьжуш лаьттара. Галилайра дуьйна Іийсаца баьхкина зударий а бахара Юсупна тІаьхьа. Іийсан дакъа къубба чу дуьллуш гира царна. ТІаккха Іийсан вежарша элира Цуьнга: «Кхузара дІа а валий, ЯхІуд-махка гІохьа, Айхьа деш долу гІуллакхаш Хьайн мурдашна а гайтархьама. ХІунда аьлча ша гІаравала лууш волчу цхьаммо а ша деш долу цхьа а гІуллакх къайлаха ца до. Нагахь Айхьа иштта гІуллакхаш деш хилча, дуьненна а Хьо вовзийта». ХІунда аьлча Іийсан вежарий а бацара Цунах тешаш. Жуьгтийн «ШавуІот» цІе йолчу ялта чудерзоран дезачу дийнахь массо а векал цхьаьнакхийтира. ХІора дийнахь цхьаьна Делан цІийнан кертахь бара уьш. ЦІеношкахь цара хазахетарца а, даггара а, кег а деш, бепиг дуура,
Выбор основного перевода