Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Деяния
Параллельные места
Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хІунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу». Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггІург дІадалархьама». Амма Іийсас Ша цхьанна а кІорггера ца вовзуьйтура, хІунда аьлча Цунна уьш берриш бевзаш а бара, церан дегнаш гуш а дара. Цундела Іийсага цхьана а адамах лаьцна тоьшаллаш дан оьшуш дацара. Цунна Шена хаьара адамна чохь дерг. Іийсас жоп делира царна: «Ас хаьржина вацара шу шийтта? Амма шуна юкъара цхьаъ иблис ду». Далла девза адамийн дегнаш. Цо гайтира, Ша кхечу къаьмнийн нах тІеоьцуш хилар, Шен Са а делла, царна а, вайна санна. Амма вайн дегнаш толлуш волчу Далла хаьа, стенах лаьцна доьху Шен Сино, Делан долахь болчарна тІера Делан лаамца Цо доьху дела.
Выбор основного перевода