Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Деяния
Параллельные места
Цу шийтта мурдан цІераш яра: дуьххьарлераниг – ШамІа, Кипа аьлла цІе тиллина волу. Цуьнан ваша Іандар, Зевадин кІант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, Пилап, Барталамай, ТІама, ял схьагулъеш волу Маттай, ХІалпайн кІант Якъуб, Тхьада, ШамІа (ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочушдан гІертарг), ЯхІуд-Искархо а, тІаьхьо Іийсана ямартло йина волу. Іийсас къастийна векалш хІорш бара: ШамІа (Іийсас тІаьхьа, Кипа аьлла, цІе тиллинарг), Зевадин кІант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, (шайна Іийсас, Баней-Раговш аьлла, цІе тиллинарш, иза «ткъесан кІентий» бохург ду), Іандар, Пилап, Барталамай, Маттай, ТІама, ХІалпайн кІант Якъуб, Тхьада, ШамІа (ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочушдан гІертарг), ЯхІуд-Искархо а, тІаьхьа ямартхо хилларг. ШамІа, шех тІаьхьа Іийсас Кипа аьлла цІе тиллинарг, цуьнан ваша Іандар, Якъуб, Яхьъя, Пилап, Барталамай, Маттай, ТІама, ХІалпайн кІант Якъуб, ШамІа, ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочушдан гІертарг, Якъубан кІант ЯхІуд, иштта шех ЯхІуд-Искархо олу, тІаьхьа ямартхо хилларг а. Цаьрца Ярушалаймера ара а ваьлла, Бет-ХІине кхаччалц дІавахара Иза. Куьйгаш хьала а айина, уьш декъалбира Цо. Юха, уьш декъал а беш, царна гена а волуш, стигала хьалаваьккхира Иза. Мурдаш, Цунна сужде а бахана, корта а тоьхна, доккхачу хазахетарца Ярушалайме юхабаьхкира. Цу дийнахь дуьйна, Далла хастамаш беш, гуттар а Делан цІийнан кертахь бара уьш.
Выбор основного перевода