Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дукха наха хоьтту: «Хьан гойтур ю вайна дикалла?» Хьан юьхь тІера серло тхуна лепийла, Веза Эла! Цара и латта шайн туьраца а ца даьккхира, шайн ницкъаца а ца даьккхира. Хьан нуьцкъалчу аьтту куьйгаца а, Хьан юьхь тІера лепачу нуьраца а даьккхира цара и латта, Хьо царна реза хиларна. Машар буьту Ас шуна, Сайн машар ло Ас шуна. Дуьнено ца луччу тайпана, машар ло Ас шуна. Синтем боцуш ма хуьлийла шун дегнаш, кхера а ма лойла уьш. Ткъа машар карахь болчу Везачу Эло Ша гуттара а массо а хІуманна тІехь шун дегнашна машар лойла. Хуьлийла Веза Эла шуьца массаьрца а!
Выбор основного перевода