Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ДІаала исраилхошка: „Нагахь ахь, стагах мах а луш, Везачу Элана и стаг лерина хилийта нигат дахь, ХІинца берах а хилла, ахьа кІант вича, цуьнан корта дІа ма башийта, хІунда аьлча иза хьан кийрахь волчу хенахь дуьйна Дала къобалвина назархо хир ву, иза Исраилан халкъ пІелаштамхойх кІелхьардаккха волалур ву». ТІаьххьара а цо Делилига элира: «Сан месех цкъа а урс хьакхаделла дац, хІунда аьлча со, сайн ненан кийрахь воллушехь, Далла лерина назархо хилла схьавогІуш ву. Сан корта дІабашахь, соьгара ницкъ дІабер бу. ТІаккха со массо а нах санна хилла дІахІуттур ву». Ас шун кІенташна юкъара пайхамарш хоржура, ткъа шун къонахех – назархой хуьлуьйтура. Иштта дац ткъа иза, исраилхой?» – боху Везачу Эло. «Ткъа аша назархошна чагІар мийладора, пайхамаршка омра дора: „Делера болу хаамаш ма бе!“ – бохуш. Оха ма-аллара де: тхуна юкъахь нигат дина виъ стаг ву. Дала леррина къобалвинчу Іийсан лай волчу, Цуьнан векал хила Дала тІекхайкхина волчу, адамашна хаза кхаъ дІакхайкхабайтархьама Дала къастийна волчу аса, ПахІала, яздо хІара кехат.
Выбор основного перевода