Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІасахьаьжначу цунна шен нанас вина ваша Бен-Яман гира. Цо хаьттира: «ХІара аш вийцина, шун жимаха волу ваша вуй? Делан дика болх хуьлда хьуна, сан кІант». Хьан лай волчу суна тІе Хьайн юьхь тІера серло лепийтахьа. Хьайн хедар боцучу безамца со кІелхьарваккхахьа. Дела вайца къинхетаме хуьлийла, Цо вай декъал а дойла, Цо Шен юьхь тІера серло вайна лепайойла, Дела! ЮхаметтахІиттадехьа тхо. Хьайн юьхь тІера серло тхуна лепийтахьа, тІаккха тхо кІелхьардаьхна хир дара. qac Тqac*ешамца Хьан юьхь тІера серло суна лепаехьа, Хьан парзех со иштта кхетавехьа. ХІинцца хазахьа, тхан Дела, Хьайн лай волчун доІа а, даггара дехар а. Хьайн дуьхьа, Хьалдолу Эла, резахиларца хьажахьа дассийначу Хьайн дезачу цІийне.
Выбор основного перевода