Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
совсаза бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а схьаэца. Уьш кІенан демах дина хила деза. Хьалхарчу Іахарца иштта сагІанаш даха: кхачанан сагІа санна хІинан доьалгІа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина бархІ кад дама, ткъа чагІаран сагІа санна биъ кад чагІар. Нагахь санна пешахь деттина кІен сагІа ахь доккхуш делахь, иза тоьллачу демах дина хила деза: зайтдаьтта тоьхна совсаза бепиг я тІе зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш хила деза. Везачу Эло Мусага элира: «Исраилан халкъе, дІахьедар а деш, дІаала: „Аса шуна лун долчу а, шаьш цигахь Іийр долчу а лаьтта тІе шу дахача, аша цІера тІехь доху дийнаташ дагоран я бертан сагІанаш даха тарло. Аша Везачу Элана сту я ка барца сагІа даккха тарло, шаьш йина чІагІо кхочушхилийтархьама а, я шайн деган лаам кхочушбархьама а, я шайн деза денош даздархьама а. Иза мухха делахь а, даьккхинчу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. Амма ша сагІина лерина хІума яхьачу хенахь, стага Везачу Элана лерина кІен сагІа а дан деза: хІинан доьалгІа дакъа зайтдаьттанах эдина долу бархІ кад тоьлла кІен дама. Дийнаташ дагоран я бертан сагІа доккхучу хенахь хІора Іахарца цхьаьна хІинан бараман доьалгІа дакъа чагІар кечде, чагІаран сагІина лерина. Ткъа шаьш сагІина лерина ка балочу хенахь, кІен сагІина ялхитта кад кІен дама а, цунах эдай, хІинан кхоалгІа дакъа долу зайтдаьтта а да, иштта хІинан кхоалгІа дакъа долу чагІаран сагІа а да. Оцу сагІанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.
Выбор основного перевода