Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Халкъехьа дІа а вирзина, айинчу куьйгашца иза декъал а дина, чувоьссира АхІарон, къинан а, дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш а даьхна. Цул тІаьхьа левихой болу динан дай тІебахка беза, хІунда аьлча муьлхха а къовсаме долу гІуллакх а, муьлхха а ницкъбар а церан сацамца къасто деза. Уьш шун Везачу Дала къастийна бу Шена гІуллакх дайта а, Везачу Элан цІарах декъалдарш дайта а. Ткъа Іамраман ши кІант вара: АхІарон а, Муса а. АхІарон а, цуьнан тІаьхье а гуттаренна а къастийнера Дала, цаьрга уггар деза гІуллакхаш кхочушдайтархьама. Царна тІедиллина гІуллакхаш хІорш дара: Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогІу кІур баккхар а, Цунна Іамал яр а, Цуьнан цІарах адамаш декъалдар а.
Выбор основного перевода