Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь стаг Везачу Элана лерина кегийрачу дийнатех бертан сагІа доккхуш велахь, цхьа а айп доцу боьрша я стен дийнат дала деза цо. Нагахь оцу къа латийначу стага къинах долчу сагІина Іахар балабахь, иза цхьа а айп доцуш болу стениг хила беза. БорхІалгІачу дийнахь цхьа шо кхаьчна, айп доцу ши Іахар схьаоьцур бу цу стага. Цул сов, цхьа шо кхаьчна, айп доцу стен Іахар а, цхьа сахь зайтдаьтта тоьхна долу кІен дама а кІен сагІина лерина а, ши кад зайтдаьтта а дан деза цо. Нагахь цхьана стага ларамаза къа латадахь, цо къинан сагІина шо кхаьчна йолу газа ян еза.
Выбор основного перевода