Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана хьалха дІахІоттийначу тускар чуьра совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза цхьа хьокхам а схьаэца. И дерриг а АхІаронан а, цуьнан кІентийн а кара дилла. ТІаккха цаьрга и хІуманаш Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна хьалаайийта. АхІароне а, цуьнан кІенташка а Мусас элира: «Гуламан четарна чуволлучохь жижиг а кхехкадай, цуьнца цхьаьна къобалдарна леринчу тускарна чуьра бепиг даа, суна тІедиллина ма-хиллара: „АхІарона а, цуьнан кІенташа а даа деза иза“.
Выбор основного перевода