Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо тхоьца веача бен, тхуна муха хуур ду, суна а, Хьайн халкъана а Хьо реза вуйла? Кхин муьлхачу тайпана дуьнен чохь мел долчу халкъах къастало со а, Хьан халкъ а?» Ша къаьмнашна латтанаш а кхочуьйтуш, Веза Воккхачо адамаш доькъучу хенахь, Цо хІора халкъана шен-шен доза дІахІоттийра, стигалийн гуламан терахье хьаьжжина. Иштта, Исраилан халкъ кхерам боцуш дехар ду, Якъубан тІаьхье ша йолчохь ехаш хир ю, кІех а, керлачу чагІарх а дуьзначу махкахь, стигалшкара тхи охьаоьгучу лаьтта тІехь. ХІунда аьлча Ахьа, Хьайн дола а баьхна, къастийна уьш Лаьттара массо а къаьмнашна юкъара, Ахьа Хьайн лай волчу Мусагахула ма-аллара, ва сан Хьалдолу Эла, Айхьа тхан дай Мисар-махкара арабаьхначу хенахь».
Выбор основного перевода