Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъан сийлахьчу Дала харцдерг а дуьйцур дац, Иза дохко а вер вац, хІунда аьлча Дела адам дац Шен лаам хийца». «Веза Эла волу Со хийца ца ло. Ткъа иштта шу а, Якъубан тІаьхьенах дерш, цхьана а агІор хийца а ца делла! Дала Шена тІебало хаьржинчарах лаьцна а, Ша динчу совгІатех лаьцна а бина болу Шен сацам цкъа а ца хуьйцу. И кхочушдарца Дела волчохь хедар доцучу дахаре сатийсар ло. Цкъа а харц воцучу Дала заманаш йолаялале дуьйна а хьалха вайна и дахар лур ду аьллера. Муьлхха а дика а, кхачаме а совгІат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догІу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац. Дала ваІда а дина, Цо дуй а биъна. И ши хІума хийцалур доцуш ду, Дала харцдерг дийца йиш йоцу дела. Цундела Дела волчу девдда дІадахана долу вай чІогІа иракарахІиттийна ду, Дала вайна еллачу дегайовхонна тІехь латтархьама.
Выбор основного перевода