Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Балакх чІогІа дарвелира БалиІамна. Шен куьйгаш вовшах а тухуш, цо БалиІаме элира: «Аса сайн мостагІашна неІалт хьажо схьавалийнера хьо, ткъа ахьа хІинца кхозлагІа а уьш декъалбеш бу. ХІунда аьлча шу Мисар-махкара схьадогІучу хенахь уьш баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера шуна. Цара Арам-НахІараймерачу Патур-гІалара БеІаран кІант волу БалиІам лаьцна дуьхьал а валийнера, шуна неІалт кхайкхадайтархьама. Амма шун Везачу Далла ца лиира БалиІаме ладогІа. Шун Везачу Дала цуьнан неІалтех шуна декъалдар хилийтира, шун Везачу Далла шу деза дела.
Выбор основного перевода