Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ. БугІанан маІашкахь болу ницкъ бу цуьнгахь. Шена дуьхьалдевлла халкъаш цоьсту цо, мостагІчун даьІахкаш а оту цо, шен пхерчий а кхуьссу цунна тІе. Юсупан тайпа хьалха дуьнен чу баьлла сту санна ду. Цуьнан маІаш гомашан маІаш санна ю. И маІаш цара кхечу халкъашна еттар ю, ур-атталла дуьненан йистехьа уьш тоттур ду. Иштта эпраймхойн дуккха а тІемалой бу, иштта маннашхойн эзарнаш эскархой бу». Хершнаш даха муьшаца хьоьга дІабехкалур буй акха сту, хьуна тІаьхьара мекха боккхур буй цо хьан кха тІехь? Цуьнан боккхачу ницкъана цунах тешна Іийр вуй хьо? ЧІогІа къахьегар цунна тІедилла ваьхьар вуй хьо? Лоьман бага вахарх кІелхьарваккхахьа со, акхачу бугІанан маІех ларвехьа со. Ахь суна жоп ма делла! Ткъа со Ахьа, бугІа санна, ницкъ болуш вина, суна керла зайтдаьтта а хьаькхна.
Выбор основного перевода