Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхошна юкъахь Іийр ву Со, церан Дела а хир ву Со. Царна хуур ду Со церан Веза Дела вуйла, царна юкъахь Іархьама, уьш Мисарара арабаьхна волу. Со церан Веза Дела ма ву». Декъала ву Везачу Эло бехке веш воцу а, шен синца мекарло йоцу а стаг! Амма айса латийначу къинна къера а хилира со, сайн бакъонца цалелар хьул а ца дира аса Хьох. Ас элира: «Везачу Эле сайн къинош дІадоьллур ду ас». ТІаккха Ахь дІабаьккхира суна тІера сан къинан бехк. Декъала ду Хьуна хастамаш бан хиъна долу къам. Хьан юьхьан серлонехь лелаш ма бу уьш, ва Веза Эла. ДІаала Ярушалайме эсала, дІахаийта цуьнан халкъе, бала хьегна шераш чекхдевлла хилар, цуьнан къинойх мах дІабелла хилар. Везачу Элан куьйгах шалха таІзар тІеэцна цо дерриг а шен къинойх». Цу заманахь, и хан тІекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къомана юкъахь къинош лоьхур ду, амма уьш хир дац, ЯхІудан къомана юкъахь зуламаш лоьхур ду, амма уьш а карор дац, хІунда аьлча Айса дийна битинчеран къиношна гечдийр ду Аса».
Выбор основного перевода